Марша догIийла!

Тайп-тайпана говзанчаш хилла нохчийн къоман. Царна юкъахь дечиган а, аьчкан а пхьераш хилла, поппар-пхьегIаш еш болу пхьераш а хилла, истагаш деш говзалла а хилла цаьргахь, нохчийн зударийн а, божарийн а духар доруш-тоьгуш-кечдеш берш а хилла. Царна юкъахь герз деш болу говзанчаш а хилла. Дуккха а кхин тайпа говзаллаш хилла оцу нахехь.

ХIокху суьрташ тIехь шуна гуш бу говзанчо Дазаев Iадлана бина болх. 

ХIокху сайта тIехь шун еша таро хир ю царах лаьцна. Хан мел ели, толуш, шорлуш дIагIур бу сайтан болх. Тхуна лаьара, шуьца зIе латто а, шун хьашташ кхочушдан а, хаттаршна жоьпаш дала а. Тхоьга яздеш а, зIе латтош а хила.

Дала аьтто бойла вайн массеран а!