Беслан Дудаев

Шелахь вина а, кхиъна а ву Беслан. Шен итт шо кхаьчначул тIаьхьа сурт диллар а, дечигах тайп-тайпана хIуманаш яр а карадирзира цунна. Цундела цо профессии а хаьржира шен корматалле хьаьжжина. 1998-чу шарахь  иза искусствон факультет а хаьржина, ЧГПИ деша вахара. Таханлерчу дийнахь иза ИЗО а, черчени а хьоьхуш ву Шеларчу №4 йолчу юккъерчу школехь. Цо иштта шегара говзалла берашна Iамош кружокаш а лелайо. Бесланан исбаьхьа белхаш тайп-тайпанарчу гайтамашкахь  а хуьлу.