Ясаев Хьасайн

Ясаев Хьасайн  БIачи-юьртахь вина а, хьалакхиъна а ву. Циггахь юккъера школа а чекхъяьккхира цо. Цуьнан аьтто хилира Дагестанера художественни училище ваха. Дукха хан яра иза цу училище деша ваха сатесна волу, хIунда аьлча, цигахь дешна Кавказехь гIарабевлла болчу пхьераша. Цигахь масийтта професси караерзийра Хьасайна – цунна тIулгаца а, дечигца а, даьIахкаца а болх бан  хаьа. Дуккха а белхаш бина Хьасайна цIенош кечдеш, царна тIехь бен-берса белхаш беш. Цо шен белхаш тайп-тайпанчу гайтамашкахь а, ярмаркашкахь а гойту. Иза хилира Москвахь дIахьош болчу «Золотая ладья» олуш болчу гайтамехь а.