Кхийра пхьегаш ечеран говзалла

19-гIа эзар шо чекхдаллалц нохчаша лелош йолу пхьегIаш дечигах а, поппарах а, йоьзах а йина хилла. Дуккха а корматаллаш карайирзина хилла пхьерашна оцу хIуманна тIехь. Х инца а цецдуьйлуш хьоьжу вай цу заманахь хиллачу пхьегIашка. Лело атта а, хаза а хилла уьш.

Шаьш йинчу поппаран пхьегIашна тIе тайп-тайпана геометрически суьрташ а дохкуш, цу тIе сир дуьллуш хилла цара. Нохчийн пхьегIаш, шайна чохь дуккха а хIума тарлуш, еш хилла. Иштта,  чохь даьтта лелош йолу кхаба юткъа бертиг а йолуш, еш хилла, ткъа шуьйра бертиг йолу кхаба чохь шура лелош, иза цу чохь ятош хилла. Хи лелош йолу кхаба юткъа бертиг а йолуш, боккха тIам а, шуьйра бух а болуш хилла, охьахIотточу хенахь иза, галъяьлла, охьа ца йожийта а, иштта белш т1е хIоттийна, дIаяхьа аьтто хилийта а.

Тайп-тайпана чохь ялта лелош йолу пхьегIаш а хилла нохчийн, иштта кIалд а, морза а чохь латтош йолу пхьегIаш а хилла. Нахана чIогIа оьшуш гIирс хилла цара беш берг.

ХIокху ссылкица шуна карор ю «Нохчийчохь кхийра пхьегIаш ечеран истои» аьлла йолу статья.