Бакараева Зульфия

Хьалха-Марта кIоштахь йина а, кхиъна а ю Зульфия. ХIинца ша кхоьллинчу исбаьхьаллин студи чохь къахьоьгуш ю иза. Цо шен болх терракота олучу техникехь бо. Дуккха а гайтамашкахь дакъалаьцна Зульфияс. Масала, «Къоман хазна» цIе йолчу хIора шарахь хуьлуш болчу гайтамахь а, «Золотая ладья» цIе йолу Москвахь вовшахтухуш болчу гайтамахь а, регионашна юкъахь дIахьош болчу «Юг России» олучу  XI-чу гайтамахь а (2013 шо), «Кавказан ловзарш» цIе йолчу фестивалехь а (2014, 2016 шерашкахь), Грозный-гIалахь дIахьош йолчу «Бекалахь, ненан мотт» аьлла йолчу конкурсехь а. «Нохчо ву со – говзанча!», «Пхьеран суй» гайтамашкахь а дакъалецира Зульфияс.