Гайтам дIабиллина

Бекарг беттан (март) 10-чу дийнахь куьйган говзалла лелочийн керла гайтам дIахIоьттира  Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Мемориальни комплексехь. Цигахь дакъалоцуш бара куьйган говзаллин Ассоциацин декъашхой Бакараева Зульфия а, Дудаев Беслан а, Дуцаев Сайхан а, Абкаров Iийса а, Макалова Хеда а, Ильясов Мовлади а, Мутулаев Юсуп а, Ясаев Хасайн а. Цу гайтаме баьхкина бара вайна массарна а бевзаш болу суртдиллархой Асуханов Аманди а, Дибиров Джабраил а. Цара лаккхара мах хадийра куьйган говзанчаша биначу белхийн.

Цу дийнахь оцу гайтаме баьхкинчеран  таро хилира вайн халкъан говзанчийн исбаьхьа белхаш бовза а, уьш ган а, говзанчашка дистхила а, цаьрга хаттарш дан а. Гайтам дIабиллинчул тIаьхьа цигахь вистхиллачу Абкаров Iийсас элира: «Тхан коьрта   Iалашо ю вайн дайн говзаллаш денъяр, этнографийн вовшашца уьйр хилийтар, тIейогIучу хенахь пхьераша дан деза гIуллакхаш дийцаре дар, вайн къоман дика агIонаш карлаяхар. Лаккхарчу корматаллин тIегIан тIе довла гIерташ къахьоьгуш а ду тхо». Шен къамел дерзош цо баркалла элира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Мемориальни комплексан директорна Ахмадов Iийсана а, цуьнан белхалошна а.

Гайтам бекарг беттан 20-гIа де тIекхаччалц лаьттар бу.

С.Хасимиковн а, А.Юнусовн а суьрташ