Мовлади Ильясов

Ильясов Мовлади вина 1953-чу шарахь Казахстанерчу Аягуз гIалахь. ИльясовгIеран доьзал даймахке юхабирзинчул тIаьхьа СаIди-кIотарарчу юккъерчу школе деша вахара Мовлади. Жималлехь дуьйна чIогIа массо а хIуманна тIаьхьакхуьуш а, терго еш а, говзанчашна улло гIерташ а хилла Мовлади. Цо цIестаца болх бора, архитекторан говзалла а Iамийра цо шена. Амма массо а хIуманал тамашийна дара цо ша-тайпана раствор кхоллар. Цунах вайн къоман кхачанан сурташ а дора Мовладис, шайга хьаьжча, боккъал долчух къасталур а доцуш. Уьш тайп-тайпана гайтамашкахь хуьлу, хьовса баьхкинчеран бIаьрг тIехIуттуш а хуьлу.