«Пхьеран суй»

«Пхьеран суй».  Дайн говзалла карлайоккхуш

Нохчийн меттан Денна леринчу уггар коьртачу хиламех цхьаъ хилла дIахIуттур бу «Пхьеран суй» аьлла болу гайтам. Нохчийн Республикерчу куьйган говзаллин декъехь къахьоьгуш болчу пхьераша вошахтоха кечбина бу и гайтам. Дукха хан йоццуш шайн исбаьхьаллин говзанчийн Ассоциаци кхоьллина цара. Цуьнан Iалашо ю вайн республикера пхьераш цхьаьнатохар, уьш вовшийн бовзийтар, церан вовшийн уьйр хилийтар а.

«Пхьеран суй» аьлла болу гайтам 23-чу апрелехь (оханан бутт) дIахьур бу. Кху шарахь цхьайттаза даздеш ду нохчийн меттана лерина долу Де, ткъа и дезде уггар коьртачех цхьаъ хилла дIахIоьттина оцу Ассоциацин декъашхошна а, иштта цара Iамош-кхиош болчу къоначу говзанчашна а.

Цу гайтаме баьхкинчеран аьтто хир бу куьйгийн говзанчийн Абкаров Iийсан, Ясаев Хьасенан, Бакараева Зульфиян, Дудаев Бесланан, Дуцаев Сайханан, Мутулаев Юсупан керамикех, гипсах, дечигах, ангалех йина тайп-тайпана хIуманаш ган а, иштта тIергIах, туьтех дина исбаьхьа суьрташ ган а. Цу гайтамехь къона пхьераш а хир бу шайн говзалла гойтуш.

Гайтам дIаболалур бу 11 сахьт даьлча. Оха кхин а хаамаш бийр бу тхайн сайта тIехь а (govzancha.ru), иштта газеташкахь а, телевиденехула а.