Керла гайтам "БIаьсте"

Оха хьалха ма-аллара, бекарг беттан (март) 10-чу дийнахь куьйган говзалла лелочийн керла гайтам хир бу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Мемориальни комплексехь. Цигахь дакъа лоцуш хир бу хIокху суьрта тIехь шуна гуш болу говзанчий. Шун таро хир ю церан говзалла йовза а, цаьрга дист хила а, нагахь шайна церан куьйгашца йина цхьа хIума хазахетахь, иза эца а.

И гайтам дIаболалур бу 14.00 сахьт даьлча.