Иса Абкаров

      Абкаров Iийса вина 1953-чу шарахь Алма-Атана уллорчу Каскелен цIе йолчу юьртахь. И зама  вайн къам цIера даьккхина зама хилла. Ша Соьлжа-гIалахь юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа иза художественни училище деша воьду. Цул тIаьхьа Нохчийн пачхьалкхан педагогически институтехь исбаьхьаллин факультет чекхйоккху цо.

        2008-чу шарахь уггар хьалхара гайтам хилира Iийсан. Цо гипсаца а, поппарца а, дечигца а болх бо, суьрташ а дохку. Шен гайтамашкахь цо йовзуьйту шен сувенираш, поппаран пхьегIаш, иштта ша дехкина суьрташ…