Гайтамна кечам бар дIахьош ду

Оха хьалха ма-аллара, оханан беттан (апрель) 23-чу дийнахь журналистин Скверехь дIахьур бу «Пхьеран суй» аьлла болу гайтам. Цу гайтаман декъашхой хир бу Нохчийн Республикан  куьйган говзаллин декъехь къахьоьгуш болу пхьераш. И гайтам нохчийн меттан Денна лерина бу.

И де тIекхача дикка хан елахь а, хIокху деношкахь, вовшах а кхетта, дийцаре дира цара шаьш дан кечдинарг. Цигахь тIаргIех бина белхаш а, туьтех дина исбаьхьа суьрташ а, керамиках, гипсах, дечигах, куьзганах йина тайп-тайпана хIуманаш а хир ю. Куьйган говзанчийн Ассоциаци кхоьллина дукха хан яцахь а, оцу белхан вовшахтохараллин болх дIакхоьхьуш берш тешна бу, нохчийн меттана лерина долу Де билгалдоккхуш, дуккха а, хIинццалц бевзаш ца хилла болу говзанчаш цу гайтамехь дакъалоцуш хир бу аьлла.

Шайн коьрта Iалашо билгалйоккхуш, цара элира: ««Оха хIара гIуллакх дIадолоран Iалашо ю вайн дайн говзаллаш денъяр, этнографийн вовшашца уьйр хилийтар, тIейогIучу хенахь пхьераша дан деза гIуллакхаш дийцаре дар, вайн къоман дика агIонаш карлаяхар. Лаккхарчу корматаллин тIегIан тIе довла гIерташ къахьоьгуш а ду тхо».

ТIейогIучу хенахь, шех эца доккха беркат долчу Хасиев Сайд-Мохьмадах дага а довлуш, и болх дIабахьа дагахь ду шаьш, элира цара.

 

Дагахь латтаде: гайтам д
I
аболалур бу 11 сахьт даьлча.