Мутулаев Юсуп

Юсуп ТIехьа-МартантIехь вина а, кхиъна а ву, ткъа карарчу хенахь Хаьмби-Ирзехь вехаш ву. Шен коьрта говзалла цо Соьлжа-гIаларчу   нефть даккхаран технологически университетехь караберзийна. Ткъа шен мукъачу хенахь цо бераллехь дуьйна шен даго тIелаьцна болу болх бо, гипсах хIара тайпана суьрташ а кечдеш. Ши шо хьалха Юсупа Пятигорскехь дIахьош йолчу кегирхойн «Машук» аьлла йолчу форумехь а гайтира шен белхаш, цул тIаьхьа  Кавказан ловзарш аьлла йолчу форумехь а гайтира. Дуккха а нахана хаза а хийтира Юсупан кхолларалла, цуьнга хеттарш а дира цу белхийн хьокъехь. Цундела и болх кхин а дIакхехьа дагахь ву Юсуп.