Хьалхалера тIеюху бедарш тегар

Нохчийн тIеюхучу бедаршка хьаьжча гуш хуьлу адамийн Iер-дахар, церан гIиллакх а, оьздангалла а. Дукха хенахь дуьйна наха тIеюху бедар шаьш деш долчу кIаденах деш хилла, дукха хьолахь - тIаргIех. Кетарш а, куйнаш а деш лелош уьстагIашна тIера схьабаьккхина кхакха хилла, ткъа мачаш бежанийн неIарх деш хилла. ТIаргIех чоанаш деш хилла, иштта пазаташ а, кхийолу тIеюха хIума еш  хилла. ХIара видеоматериал таханлера хьал довзуьйтуш яьккхина ю, хьалхалера бедарш тегаран болх муха вовшахтоьхна бу гойтуш а ю.