Нохчийн меттан дезчу Денна лерина

ТIаьхьарчу шина баттахь дIахьош дара кестта тIекхочучу нохчийн меттан дезчу Денна лерина болчу гайтамна кечамбар. Цу гайтаман декъашхой хир бу Нохчийн Республикан куьйган говзаллин декъехь къахьоьгуш болу пхьераш. И пхьераш вайн республикехь йолчу гIаланашкахь а, ярташкахь а бехаш бу. Царна юкъахь бу бевзаш болу а, нахана хIинца а бовзаза болу а говзанчаш.

ДIахаийта лаьа: и гайтам 23-чу апрелехь (оханан бутт) 11.00 сахьт даьлча дIаболалур бу журналистийн Скверехь (Зорбанан цIенна хьалха).

 Tekst