ТIаргIа батор

Нохчийн куьйган говзаллехь уггар коьртачех цхьаъ хилла тIергIаца болх бар. Иза чIогIа мехала а, дахарехь оьшуш  гIуллакх хилла. Дуккха а говзанчаш а хилла и корматалла кара а ерзийна, цу тIехь болх беш.

Хала болх хилла истангаш дечара бийриг. ТIаргIа куьйгацца къажбеш хилла, ткъа дукха бетта болу тIаргIа хIокху тайпана йолчу хIуманца дIасабоккхуш хилла.

Вайна массарна а дика девза хаза а, кепехь а долу духар – верта. ХIокху заманахь а чIогIа деза хеташ а, сий деш а долу духар ду иза. Истангаш санна, батийначу тIергIах деш хилла уьш. Оцу белхан массо а хIума толлуш, дукха хенахь дуьйна болх беш схьайогIуш ю Iилманча Шавлаева Тамара. Цуьнан кандидатски диссертаци ю оцу белхан хьокъехь язйина. И болх бовза луучун таро хир ю хIокху ссылкица иза дIабеша.