Аьхкенан гайтам

 КIирандийнахь, 24-чу июлехь (мангал-бутт), 11-17 сохьташна юккъехь, Соьлжа-гIалин «барски» олучу цIенна дуьххьал дIахьур бу говзанчийн гайтам. Кхузахь шуна гур бу дуккха а болчу говзанчийн белхаш – дечиг-пондарш а, чеканка а, дечигах бина белхаш а, истагаш муха до а гур ду шуна, кегдинчу ангалех йина хIумнаш а, туьтешца а, тайп-тайпана таьшца а дехкина суьрташ а, поппар-пхьегIаш а, иштта поппарах йина йолу кхин тайпана хIуманаш а. И гайтам дукха чIогIа хаза а, чулацаме а хир бу.