"БIаьсте"

Бекарг беттан (март) 10-чу дийнахь А-Х. Кадыровн цIарах йолчу Мемориальни комплексехь «БIаьсте» цIе йолу гайтам хир бу, иштта куьйган говзанчийн Ассоциацин сайтан презентаци а хир ю цигахь. 

И гайтам кечйинарш оргкомитетан декъашхой бу - Бакараева Зульфия а, Дудаев Беслан а, Дуцаев Сайхан а, Абкаров Iийса а, Макалова Хеда а, Ильясов Мовлади а, Мутулаев Юсуп а, Ясаев Хасайн а. 

Цига баьхкинчеран таро хир ю тайп-тайпана белхаш ган а, пхьераш бовза а, цаьрга хеттарш дан а. 

Кху шеран бекарг беттан 20-гIа де тIекхаччалц лаьттар бу и гайтам.