Макалова Хейда

Макалова Хеда зударийн а, божарийн а тIехула юхуш йолчу бедарийн художник-модельер ю. Ша ГIуларахь юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, иза СПТУ №26 деша йоьду. Цул тIаьхьа цо ша дешначу школехь кхаа шарахь болх бо. Шен говзалла лакхаяккхархьама Хеда МФСГА (иза Московски гуманитарни Академин филиал ю) деша йоьду. Таханлерчу дийнахь Хеда дополнительни образовани луш йолу педагог ю. Ша бечу белхан сий а деш, берашна шена хуург хьоьхуш схьайогIуш ю Хеда.

Цуьнгахь масийтта тайпана корматалла ю: тIергIаца болх а бо, поппарца болх а бо, истангаш дан а Iемина цунна, бедарш а юцу, тир а йоккху… Цундела хIора гайтамехь цо шен белхан говзалла йовзуьйтучу хенахь дукха адам гулло цунна уллохь.